Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Церан бераш царна хьалха хьошур ду, церан цІеношкахь талораш дийр ду, церан зударий сийсазбийр бу. Тхан зударий а хьийзабо мостагІаша Цийонехь. Тхан мехкарий а хьийзабо цара ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь. Ас массо а къаьмнаш схьагулдийр ду. Уьш ЯхІушапти-тогІи чу схьадалор ду Ас. Цигахь Ас царна тІехь кхел йийр ю Сайн долахь долу Исраилан халкъ бахьана долуш. ХІунда аьлча цара Сан халкъ къаьмнашна юкъахь дІасадаржийна, Сан латта а цара дІасадекъна. «Хьажал, Ярушалайм-гІаланах чагІаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дІа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гІалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхІудан халкъе а иза молуьйтур ду. И де тІекхаьчча, Ярушалаймах беза боккха тІулг бийр бу Ас массо а халкъашна. Иза меттахбаккха мел гІиртинчо шена чІогІа зен дийр ду. Дуьненан массо а къаьмнаш Ярушалайм-гІалина дуьхьалдевр ду. Дукха адам туьро хьокхур ду, массо а мехкашка йийсаре дуьгур ду. Ярушалайм кхечу къаьмнех болчара хьаьшна латтор ю, шайн хан дІаяллалц».
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода