Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Нахьми-ЯхІус цаьрга элира: «Дуьйло, хьена яа хІума а яа, мерзаниг мала а мала. Шаьш юучух дакъа а де яа хІума кечъяза бисинчарна. Таханлера де Везачу Элана дІакъастийна долу де ду. ГІайгІане а ма хила! Везачу Эло лучу хазахетаро чІагІдийр ду шу!» Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. Хьалдолчу Эло боху: ‘Цхьа а сунтваза волу а, дог хедоза аьрха волу а хийра стаг Сан цІа чу ван ца веза, иза Исраилан халкъана юкъахь вехаш велахь а. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац». Эскаро санна, Ас Сайн хІусам ларйийр ю, цхьа а тІемало цунна чухула ца валийтархьама. Цхьа а гІело йийриг кхин махка чувер вац, хІунда аьлча Со хІинца Сайн бІаьргашца церан дуьхьа хьоьжу». Цхьа а боьха хІума а, иштта сийсаза долу гІуллакхаш дийраш а, харцдерг лелош берш а чубевр бац цу гІалина. Іахарехь долчу дахаран тептар тІехь цІераш язйина берш бен, цхьа а гІур вац цу чу. ГІалина арахь буьсур бу жІаьлех тера леларш а, бозбунчаш а, сийсаза леларш а, стаг вийнарш а, цІушна Іамал йийраш а, массо а харцонаш ян а лууш, уьш йийраш.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода