Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Элан сийлаллин нур, гІалина юккъера хьала а даьлла, цунна малхбалехьа болчу лам тІехула дІахІоьттира. ХІунда аьлча Шен езачу меттигера араволуш ву Веза Эла. Охьа а ваьлла, лаьттан лакхенаш хьоьшур ю Цо – Цунна кІелахь лаьмнаш дешар ду, цІергахь лела балоз санна, уьш тогІеш чу текхар ду, гуна тІера охьадогІу хи санна. Иза волавеллачуьра сецча, латта дегадо. Иза дІахьаьжча, халкъаш тохало. БІешерийн лаьмнаш духу, шира баьрзнаш охьаоьгу. Цуьнан некъаш абаденналц ду. Цул тІаьхьа векалш, Зайт-диттийн лам тІера чу а биссина, Ярушалайме баьхкира. И лам Ярушалаймана уллохь бара, садоІучу шоьтан дийнахь бан магийначу некъан барамехь хиллал.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода