Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Параллельные места
Везачу Элана дІакъастийна хир бу цо лелош болу мах а, беш болу пайда а. ДІа а къевлина, Іалашдеш хир дац гулдинарг, хІунда аьлча Везачу Элана уллохь Іаш болчу нахана кхочур ду иза, цаьрга дуззалц хІума яийтархьама а, дика бедар тІейохийтархьама а. Цара аренгахь дечиг а гулдийр дац, хьаннашкахь дитташ а хедор дац – мостагІийн герз чІеш хилла дІахІуттур ду царна. Шайгара хІонс а яьккхина, талор диначарна цара талор дийр ду, цаьргара хІонс а йоккхур ю›’“». Иштта боху Хьалдолчу Эло. «Хьажал, Ярушалайм-гІаланах чагІаран кад бийр бу Ас. Массо а цунна гонахара къаьмнаш, иза дІа а мелла, техкаш хир ду. Ярушалайм-гІалина го барехь дакъа а лоцуьйтуш, ЯхІудан халкъе а иза молуьйтур ду. ТІаккха ЯхІудан куьйгалхоша шайн дегнашкахь эр ду: „Массо а ницкъийн Веза Эла волчу шайн Делехула Ярушалайм-гІалин бахархоша тхо иракарахІиттош ду“.
Захария
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14
Выбор основного перевода