Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тІе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тІехь долу тІулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». Муса хьалаваьлча, лам мархо дІахьулбира. Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тІехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Іийра иза лам тІехь. Мусас Веза Эла волчохь шовзткъа де а, шовзткъа буьйса а яьккхира. Цу хенахь цо яа хІума а ца йиира, хи а ца мелира. ТІулган экъанаш тІехь бартбаран дешнаш дІаяздира цо: Делера болу итт хьехам.
Выбор основного перевода