Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча шун Веза Дела – Иза массо а хІума ягийна дІайоккхур йолу цІе ю, Иза эмгаралла йолу Дела ву. Амма шун Везачу Дала шун кара дІалур бу уьш. Царна тІе боккха кхерам боссор бу, уьш хІаллакбина бовллалц. Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гІур ву. Цо хІара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хІаллакдина дІадохур ду, тІаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаІ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гІур ву. Дерриг а дуьненан Да волчу Везачу Элаца бинчу бертан тІорказ, шуна хьалха а даьккхина, Йордан-хи чу доккхур ду.
Выбор основного перевода