Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ибрамна хьалха хІоьттинчу Везачу Эло элира: «ХІара латта Ас хьан тІаьхьенна дІалур ду». Шена веанчу Везачу Элана лерина сагІа доккху меттиг кечйира Ибрама цигахь. Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гІо дийр ду. Кху лаьтта тІера Ша ИбрахІимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чІагІонца деллачу лаьтта тІе шу дІадуьгур ду Цо». Дагабахкийтахьа ИбрахІим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чІагІо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чІагІо йина хІара латта шун тІаьхьенашна дІа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
Выбор основного перевода