Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». Лен ун а кхетийтина, хІаллакбийр бу Аса уьш, ткъа хьох а, хьан ден цІийнах а цул доккха а, нуьцкъала а халкъ кхуллур ду». Церан паччахьаш а лур бу шун кара. Аша церан цІераш стигал кІелара а дІайойур ю. Цхьа а шуна дуьхьал латталур вац, аша уьш хІаллакбина бовллалц. Везачу Эло ишттачунна гечдийр дац, амма Везачу Элан оьгІазлонан а, дераллин а цІе ер ю ишттачу стагана. Кху тептар тІехь яздина долу дерриге а неІалташ цунна хир ду. Везачу Эло цуьнан цІе а дІайойур ю лаьтта тІера.
Выбор основного перевода