Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Мусас шен Везачу Деле дехар дира: «Веза Эла, Айхьа боккхачу ницкъаца а, ондачу куьйгаца а Мисарара арадаьккхинчу Хьайн халкъана тІе Хьайн оьгІазалла иштта хІунда юссуьйту Ахь? Мисархошка хІунда бохуьйтур ду: „Уьш Мисарара Цо мекарлонца арабаьхна, лаьмнашкахь уьш байа а, лаьтта тІера хьаькхна дІабаха а“. Хьайн оьгІазло дІа а яккхий, дохко а валий, хІаллак ма дехьа Хьайн халкъ. Дагабахкийтахьа ИбрахІим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чІагІо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чІагІо йина хІара латта шун тІаьхьенашна дІа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“».
Выбор основного перевода