Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!“» Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». Муса лам тІера чувоьссира, шен карахь тІулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тІехь шинна а агІор яздина йозанаш дара. И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тІехь долу йоза а Дала яздина дара. Наха ен гІовгІанаш а хезна, ЮшаІа Мусага элира: «ТІеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь». Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду». Меттамотт болчу улло а веана, старгІин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чІогІа оьгІазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кІажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.
Выбор основного перевода