Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. Муса лам тІера чувоьссира, шен карахь тІулгах йина тоьшаллин ши экъа а йолуш. Цу экъанашна тІехь шинна а агІор яздина йозанаш дара. И экъанаш хилар Делан болх бара, царна тІехь долу йоза а Дала яздина дара. Наха ен гІовгІанаш а хезна, ЮшаІа Мусага элира: «ТІеман маьхьарий ду вайн меттамотт болчохь». Амма Мусас жоп делира: «Толам боккхучийн маьхьарий а дац уьш, эшочийн тийжамаш а бац, суна хезаш дерш эшарш лоькхучийн аьзнаш ду». Меттамотт болчу улло а веана, старгІин сурт а, хелхабуьйлу нах а шена гича, иза чІогІа оьгІазвахара. Шен карара экъанаш ламанан кІажехь охьа а кхиссина, йохийра цо.
Выбор основного перевода