Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас аьлларг кхочушдира левихоша, цу дийнахь вийнарг кхо эзар гергга стаг вара. Веза Эла волчу юха а веана, Мусас элира: «Цу халкъо доккха къа латийна, Шайна дашо дела а вина. «Хьалха санна, ас шовзткъа де-буьйса даьккхира лам тІехь. Везачу Эло хІинца а ладуьйгІира соьга. Цунна ца лиира исраилхой хІаллакбан. Везачу Эло уьш хІаллакбийр бу аьллачу хенахь, Цо хаьржина волу Муса Цунна хьалха дІахІоьттира, Везачу Элан дералла нах хІаллакбечуьра дІа а ерзийра.
Выбор основного перевода