Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Ас хаьржира ЯхІудан тІаьхьенах волчу Хьоран кІентан Урин кІант Бацалиал. Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хІума ян похІма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цІастанах а дан а, Везачу Эло Мусага элира: «Кхузара чувосса сихло, ахь Мисарара арадаьккхина хьан халкъ телхина ду. Аса тІедиллинчун новкъара сиха юхабевли уьш. Деших старгІин сурт а дина, цунна, сагІанаш а даьхна, Іибадат дира цара. Цара боху: „Хьо Мисарара арадаьккхина, хьан дела ву хІара, Исраилан халкъ!“» Везачу Эло Мусага элира: «Суна гина и халкъ, ткъа иза аьрха ду. ХІинца вита Со, царна Сан оьгІазло карзахъялийтархьама, Соьга уьш хІаллакбайтархьама. Ткъа хьох доккха халкъ кхуллур ду Ас». Хьариб-ломана уллохь халкъо деших старгІа йира, лалийначу деших винчу оцу цІунна Іибадат а дира.
Выбор основного перевода