Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Оцу гІуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дІалохкучу халкъаша цу хІуманашца шаьш бехдина. Ур-атталла уьш тІехь Іаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таІзар до оцу лаьттана, цо шена тІера и нах дІаІеттор бу. „Тхан-тхайн ницкъо а, тхан куьйгийн ондалло а карадаийтина тхуна хІара хьал“, – аьлла, шун даг чу ца дожийтархьама. ХІунда аьлча Везачу Элана боьха хета и гІуллакхаш лелош берш, цундела шуна хьалхара дІалохку Цо и халкъаш, церан боьха гІуллакхаш бахьана долуш.
Выбор основного перевода