Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна. Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гІаланаш чІагІйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Іаьнакхахой а гира цигахь. Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тІехь дехаш долу халкъ дІакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догІмаш долуш. Цигахь тхуна гира Іаьнакхан тІаьхьенах схьабевлла болу даккхий догІмаш долу дажалш. Царна хьалха тхаьш цІоз долуш санна хетара тхуна, церан бІаьргаш чухула тхо а хетара иштта долуш санна». Стенга даха деза вай? Вайн вежарша вайн дегнаш малдина: ‘И халкъ алсам ду, вайл дукха а, лекха а ду. Цигара гІаланаш яккхий а ю, стигала кхаччал лекха чІагІонаш йолуш а ю. Цул совнаха, Іаьнакх цІе йолчу турпалх схьабевлларш а гира тхуна цигахь’, – бохуш“. Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дІалахкархьама а, шу церан лаьтта тІе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хІинца иза ма-дарра. Шун Везачу Дала шуна дІалуш долу латта шайн дола даккхархьама, шу кестта Йордан-хина дехьадевр ду. И латта схьа а лаьцна, шу оцу тІехь дехар долчу хенахь,
Выбор основного перевода