Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара элира Мусага: «Мисарахь дІадохка меттиг а ца хилла, кхуза, яьссачу ара далийта далийна ахь тхо? ХІара хІун ду ахь тхуна динарг, цигара ара а даьхна? Нах Мусана реза бацара: «Оха хІун мер ю?» – бохура цара. Шайн доьзалехь баьчча волу хІора тайпан юкъара цхьацца стаг хила веза шуьца. ЦІа а веана, цо шен дегий, неней элира: «Суна Тамна-гІалахь пІелаштамхойн цхьа йоІ гира. Иза суна схьаялае». ХІунда аьлча суна евза шун юхахьаралла а, аьрхалла а. ХІинца а, со шайца вехаш волуш а Везачу Элана хьалха юхахьара долу шу, со дІакхелхича, кхин а чІогІа иштта хир дац ткъа шу?
Выбор основного перевода