Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цу меттиган цІе Масса а, Мериба а тиллира цо (церан маьІна «зер» а, «лер» а бохург ду), хІунда аьлча цигахь исраилхой, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цунна луьйш а, Иза зуьйш а бара: «Веза Эла тхоьца ву я вац?» – бохуш. Везачу Элана лен доладелира халкъ. Нехан къамелаш а хезна, оьгІазваханчу Везачу Эло царна юкъахь цІе латийра. Уьш лаьттачу меттиган йист ягийра цІеро. Мусага орца даьккхира халкъо. Везачу Эле Мусас доІа а дина, цІе дІаяйра. Цу меттигах ТабІера элира (иза «цІе латар» бохучух тера ду), хІунда аьлча Везачу Элан цІе летира халкъана юкъахь цигахь. Цу меттиган цІе Кхиброт-ХІатаъву тиллира (иза «сутара» бохург ду), хІунда аьлча жижигна саьхьара болу нах белира цигахь.
Выбор основного перевода