Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Дерриге а латта, силам а, туьха а шена тІехь долу, цІе яьлла аре хилла дІахІуттур ду. Цунна тІехь ялта дІадуьйр а дац, ялта кхиор а дац. Цу тІехь цхьа а тайпа буц а хьалаер яц. Иза хир ду Везачу Эло Шен чІогІачу дераллица йохийна йолчу Седам а, Іамор а, Удам а, Цхьабайма а олу гІаланашна хилларг санна. Эпрайман а, ЯхІудан а къам, малхбузехьа а дахана, пІелаштамхошна тІелетар ду, малхбалерчу халкъийн хьал схьадоккхур ду цара. Эдоман а, Муабин а къаьмнаш цара эшор ду, ткъа Іамминан халкъ муьтІахь хир ду цушинна. ХІара бу Муабих лаьцна болу хаам. Маржа-яІ, цхьана буса Муабера Іар-гІала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Маржа-яІ, цхьана буса Муабера Кхир-гІала, дакъаза а яьккхина, йохийна ю! Нах шайн делан цІа а, Дибон-гІала а йолчу богІу, уьш сагІа доккхучу гунашна тІе хьалабовлу, цигахь белхархьама. Муабин халкъо тийжам бо Набу а, Мейдеба а гІаланех. Церан массеран а кортош дІалергина ду, массеран а мажош дІаяьшна ю. Муабин урамашкахь нах сингаттаман духар дуьйхина бу. Тхевнаш тІехь а, майданашкахь а дерриг а адам доьлхуш а, бІаьрхих дуьзна а ду. Хьешбон а, ЭлиІала а гІаланашкара бахархой боьлхуш бу, церан тийжар ЯхІац-гІалина тІекхаччалц хезаш ду. Оцу бахьаненна Муабин тІемалоша маьхьарий детта – уьш дог доьхна бу. Муабих дог доьлху сан. Цу махкара уьдуш бу нах ЦІоІар-гІала а, ІагІлат-Шалши олучу метте а кхаччалц. Лухьайт цІе йолчу метте хьалабовлу уьш белхарца, Хьоронайме боьдучу новкъахь чІогІа белхар хІоттадо цара. Нимрайман хиш дІалекъна, аренан беш якъаелла, буц маргІалйоьлла, соьналла а дІаяьлла. Муаби-махках лаьцна Исраилан халкъан Дела волчу массо а ницкъийн Везачу Эло боху: «Декъаза ю Набу-гІала, иза дакъазаяьккхина хир йолу дела. Кхиръятим, юьхьІаьржачу а хІоттийна, схьалаьцна хир ю. Цуьнан гІап, юьхьІаьржачу а хІоттийна, йохийна хир ю. Иштта боху Везачу Эло: «Іамминхоша юх-юха деш долу зуламаш дуьтур дац Ас бекхам ца беш, хІунда аьлча цара берах болу зударий цистина ГалІадехь, шайн латтанийн доза шордархьама.
Выбор основного перевода