Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
гІовгІане, синтем боцу, йоккхаеш йолу гІала? Хьан хІаллакьхилларш туьро а ца байина, тІамехь а ца белла. ХІунда аьлча гІап дІатесна хир ю, гІовгІане гІала а яссалур ю. ГІалара цІенош а, шайна тІехь ха деш йолу бІаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагІий а лелар ду, ХІинца ладогІа, хьолехь ехаш телхинарг. Хьуна моьтту, хьо, кхерамехь а йоцуш, Іаш ю. Деле а кхочуш, хьайн даг чохь боху ахь: „Со Дела ву, соьга кхочуш цхьа а вац. Со йисина Іаш а хир яц цкъа а, бераш а дайна, ас бала а хьоьгур бац“. Сан халкъан мохк бассийна хир бу, гуттаренна а цунах кхаьрдар бу. Махка тІехула лелаш мел верг, инзар а ваьлла, корта лестош хир ву. Аса йохийна дІайоккхур ю хІара гІала, цунах берриш а кхаьрдар бу. Цунна уллохула тІех мел волучо, инзар а ваьлла, шок еттар ю, кхузахь мел бина бохамаш шена гича. Хьан чов ерзо дарба дац, хьуна йина чевнаш тоян йиш яц. Хьох лаьцна хаам хезнарш тІараш детташ баккхийбер бу, хІунда аьлча мила ву хьоьгара къизалла даим тІекхачаза?!
Выбор основного перевода