Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Дуьненан массо а маьІІера адамаш, Иза къобал а вина, Везачу Элана тІедоьрзур ду. Массо а къаьмнийн болчу доьзалша, охьа а таьІна, Цунна Іибадат дийр ду. Хаставе Веза Эла малхбалехь, хІордан йистехь долчу латтанаш тІехь хастае Везачу Элан, Исраилан Делан, цІе. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде? Ас Сайн куьг дерзор ду ЯхІудан халкъана а, Ярушалайм-гІалин берриг бахархошна а дуьхьал. Цу меттигера БаІал-харцдалла Іамал еш диснарг хІаллакдийр ду Ас. Хийрачу динан дайн а, Делах дІабирзинчу динан дайн а цІераш кхин цкъа а багах йохур яц. ТІаккха Ас юха а халкъашна цІена мотт лур бу, массо а Везачу Эле кхайкхийтархьама а, белшах белш а тоьхна, Цунна гІуллакх дайтархьама а. И де тІекхаьчча, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Ас дІайойур ю кху лаьтта тІера цІуйн цІераш, уьш кхин дагаоьхур бац. Ас иштта махка тІера дІабохур бу харцпайхамарш а, цІушна Іамал ян лаар а дІадоккхур ду. Малх гучуболучуьра малх дІабузучу кхаччалц сийлахь хир ю халкъашна юкъахь Сан цІе. Муьлххачу а меттехь Суна лерина хаза хьожа йогІу хІуманаш а, цІена долу сагІанаш а дохур ду. Сийлахь хир ю Сан цІе халкъашна юкъахь, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. – Іийсас элира цуьнга: «Тешалахь Сох, зуда. ТІейогІуш ю и зама, адамаша шаьш Дена до Іибадат я кху лам тІехь а, я Ярушалаймехь а дан ца дезаш.
Выбор основного перевода