Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Амма яьссачу аренан акхарой лелар ю цу чохь. ЦІенош бухІанаша хьаладузур ду. Страус-олхазарша бенаш дийр ду цигахь, уьдуш акха гезарий а хир ю. Куьйранаша а, зуьнаша а дІалоцур ду и латта, ткъа бухІанаша а, къийгаша а шайн бенаш цигахь дийр ду. Везачу Эло Эдоман мохк баьсса а, кегарин а хуьлуьйтур бу. КІохцалш долу коьллаш дезачу цІеношкахь кхуьур ю, баьІаша а, нитташа а гІепаш къайлайохур ю. ЧангІалкхаш а, бухІанаш а Іийр ю цигахь. Яьссачу аренан акхарой акхачу жІаьлешца цхьаьнакхетар ю цигахь, акха гезарий хир ю вовшашка Іоьхуш. Буьйсанан гІаларташ хир ду цигахь садоІуш а, шайна синтем лоьхуш а. Цо боху: «Аса сайна доккха цІа дийр ду, шена чохь паргІат чоьнаш а йолуш». Цо даккхий кораш а доху, пенаш баганан дечигца кечдо, царна цІен басар а хьокху. Кхечарал айхьа баганан диттах дико чоьнаш кечйича, хьо паччахь хир ву моьтту хир ду хьуна? Хьан ден, кхечеран санна, даар-малар дара, амма цо нийсо а, бакъдерг а лелайора, ткъа цундела цуьнан аьтто хуьлура. ХІордан йистера мохк жаІушна дежийлаш а, уьстагІашна гІотанаш а хилла дІахІуттур бу.
Выбор основного перевода