Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Цийон-лам тІехь а, Ярушалаймехь а Шен гІуллакх чекх а даьккхина, Хьалдолчу Эло эр ду: «Ашур-мехкан паччахьна таІзар дийр ду Аса, цуьнан курачу даго кхиийначунна а, цуьнан бІаьргаш дозаллех буьзна хиларна а». Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тІехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, Ткъа хьуна, Ашуран къам, Везачу Эло хІара билгалдаьккхина: «ХІинца чул тІаьхьа кхин хІу хир дац хьан цІе йоккхуш. Хьан деланийн цІийнара дечиган а, лалийна бина болу а цІуш хІаллакбина дІабохур бу Ас. Ас хьуна каш кечдийр ду, хьо мехала хІума йоцу дела». Веза Эла Якъубан тІаьхьенан сийлалла меттахІотто воллу, Исраилан халкъан сийлалла меттахІоттор ю, бохам бечара церан латта дассийна делахь а, церан кемсийн гаьннаш хІаллакдина делахь а. Хьо гича, муьлххачу а стага, хьох дІа а воьрзуш, эр ду: „Йохийна Нунав-гІала! Хьенан хир бу цунах лаьцна дагахьбаллам? Мичара карор бу Суна хьан дог оьцурш?“» Цигахь цІеро хІаллакйийр ю хьо, туьро цоьстур ю хьо. ЦІазо ялта дІакхалларе терра, хьо а йиъна дІайоккхур ю! Къона а, доккха а цІоз санна, дебаш хила!
Выбор основного перевода