Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Къинхетам бехьа сох, Дела, къинхетам бехьа, Хьох ю сан дегайовхо. Хьан тІома кІел лечкъар ву со, сайн бохамаш дІабовллалц. Хьо, Дела, кхел ян гІаьттича, дуьнен тІехь гІело мел хьоьгург кІелхьарваккхархьама. ДІагІо, сан халкъ, хьайн хІусамаш чу а гІой, неІарш дІакъовла. Цхьана ханна къайладала, Делан оьгІазалла дІаяллалц. ЛадогІа Соьга, бакъдерг девзаш дерш, Сан товрат-хьехам шайн дегнашкахь болу халкъ. Наха шайна кхиссарш ярх ма кхера, уьш шайх кхардарх а ма къахка. Лехалаш Веза Эла – дийна дуьсур ду шу. ЦІеран алу санна, Иза Юсупан цІенна тІе ма кховдийта. Оцу цІеро иза хІаллакдийр ду. Бетал-гІалахь цхьа а хир вац и цІе дІаяйа. Дика леха, вон а ца лоьхуш, шаьш дийна дисийтархьама. ТІаккха массо а ницкъийн Веза Дела, аша ма-бохху, шуьца хир ву. Вон а ца дезаш, дика дезийша, меттахІоттадейша дов хаттар. ТІаккха къинхетам бан мега массо а ницкъийн Везачу Дала Юсупан цІийнах бисинчех.
Выбор основного перевода