Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Иштта боху Везачу Эло: «Іази-гІалин бахархоша юх-юха деш долу зуламаш бекхам ца беш дуьтур дац Ас, хІунда аьлча цара дийнна яртийн бахархой йийсаре дІабеллера, Эдоман карабахийтархьама. Іази-гІалин пенашна тІе а цІе хьажор ю Ас. Цо хІаллакйийр ю цуьнан гІепаш. Ашдод-гІалин бахархой а хІаллакбийр бу Ас. Ашкхилун-гІалахь олаллин гІаж дІалаьцнарг а вохор ву Ас. Іекхран-гІалина тІе а кховдор ду Ас Сайн куьг, пІелаштамхойх дисина халкъ а хІаллакьхир ду», – боху Хьалдолчу Эло. И дерриг а гина, Ашкхилун-гІалин бахархой инзарбевр бу, Іази-гІалара берш а, лазарша хьовзийна, бегор бу, иштта хир бу Іекхранхой а, хІунда аьлча церан сатийсам кагбина хир бу. Іази-гІалин паччахь вуьйр ву, ткъа Ашкхилун-гІалахь цхьа а дийна вуьсур вац. Ашдод-гІалахь эделла тайпа дехар ду. Везачу Эло боху: «ПІелаштамхойн куралла Ас йожор ю. ЦІий даар царна кхин могуьйтур дац Ас, дегазчу цІушна лерина кхача баар доьхкур ду Ас. ПІелаштамхойх бисинарш а вайн Делан долахь хир бу. ЯхІудан халкъан тукхам санна хир бу уьш, ткъа Іекхранхой, явсайхой санна, хир бу.
Выбор основного перевода