Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Хьо Исраилан къомах доьлуш дара, Муабин къам? Иза къола деш лаьцна дара, цуьнан цІе йоккхушехь, дела а доьлуш, корта лесттол? Іамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТІаккха МилкІом-харцделан къомо гадахойн мохк хІунда дІалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гІаланашкахь хІунда бу Іаш? Делха, Хьешбонан бахархой: хІаллакйина ГІай-гІала. Тийжа, Рабба-гІалин зударий, шайна тІе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гІалин пенашна юккъехь дІасауьдуш хила, хІунда аьлча мостагІчо МилкІом йийсаре дІавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна. ХІунда до аша шайн тогІех дозаллаш, уьш токхе ю а бохуш? Ва тешаме доцу къам, хьайн хьолах тешна а Іаш, хьуна моьтту, хьуна тІелата цхьа а ваьхьар вац. ДІаала Іамминхошка: „ЛадогІа Хьалдолчу Элан даше. Иштта боху Хьалдолчу Эло: ‘Аша сакъералуш: ‹Жолам-яІ›, – олура, Сан еза меттиг сийсазъяьккхича, шу Исраилан махках доьлура, иза бассийначу хенахь, шу ЯхІудан халкъах кхаьрдара, иза йийсаре дІадуьгучу хенахь. Хьалдолчу Эло боху: ‘Ярушалайм хІаллакьхилар бахьана долуш тІараш детташ, когаш бетташ, Исраил-махках даггара кхаьрдаш, шу сакъералуш хиларна, Хьалдолчу Эло иштта боху: «Муаби-къомо а, СеІир-къомо а дуьйцура: „ЯхІудан къам кхидолу къаьмнаш санна ду“, – бохуш.
Выбор основного перевода