Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Вукху паччахьех дІакхетар вац хьо кошахь, хІунда аьлча хьайн латта дакъазадаьккхина ахь, хьайн халкъ а хІаллакдина. Цкъа а хьахор яц зуламхойн тІаьхье. Цуьнан кІентий байа меттиг кечъе. Уьш хІаллакбийр бу церан дайн къинош бахьана долуш. Цаьрга, гІовтта а гІевттина, латта дІа ма лацийта, дуьне гІаланех хьала ма дузийта». «Царна дуьхьал гІоттур ву Со, – боху массо а ницкъийн Везачу Эло, – Бавелан халкъан цІе а йойур ю, ерриг а тІаьхье а, кІант а, кІентан кІант а хІаллаквийр ву, – боху Везачу Эло. – Бавел зуьнашна дІалур ю, цигахь уьшал хІоттор ю. Ондачу девзагца хьаькхна дІайоккхур ю Аса иза», – боху массо а ницкъийн Везачу Эло. Массо а ницкъийн Везачу Эло чІагІо йира: «Аса ойла ма-ярра хир а ду, Аса сацам ма-барра, кхочуш а хир ду. Сайн махкахь ашурхой хІаллакбийр бу Аса, Сайн лаьмнашкахь уьш хьошур бу Аса. Ашурхойн дукъ Сан халкъана тІера дІадер ду, церан белшаш тІера беза мохь а дІабер бу». Иштта хир ду дерриг а дуьненна лерина къастийнарг, массо а халкъана тІехула лаьцна Везачу Элан куьг а ду, хІунда аьлча массо а ницкъийн Везачу Эло къастийнарг хьаьнга дІадаккхалур ду? Цо кховдийна куьг хьаьнга сацалур ду? Ахьаз-паччахь веллачу шарахь Делера болу иштта хаам кхечира: «Доккхадеш ма хила, пІелаштамхойн халкъ, хьайна ницкъ беш хилла гІаж кагъелла алий. Оцу лаьхьанах дІаьвше кІорни хир ю. Орамал стом вон хиларе терра, лаьхьанан хІоьах кхераме саьрмик хир ма бу. Мискачарах уггар кІезиг берш, жа санна, бежаш хир бу, ткъа къенаш, уьстагІий санна, кхерам боцуш Іохкур бу, амма шун орам, мацалла а хІоттийна, хІаллакбийр бу Аса, ур-атталла цунах кІелхьарваьлларг а лийр ву. Делха, гІалин кевнаш! Орца даккха, гІаланаш! Кхерамах дешна хила, шу массо а пІелаштамхой! Къилбаседера, кІур а гІаттийна, эскар догІу, цхьа а гІийланиг вац цу бІаьна юкъахь. И хІума бахьана долуш, – боху Хьалдолчу Эло, – Ас Сайн куьг дІакховдор ду пІелаштамхошна дуьхьал. Ас кератхой а дІабохур бу, хІордан йистехь бисина берш а хІаллакбийр бу. ЛадогІа кху даше, исраилхой. Мисар-махкара шу арадаьхначу Везачу Эло шун массо а тукхамашка аьлла: Везачу Эло боху: «Ас халкъаш хІаллакдина, церан чІагІонаш йохийна ю. Ас церан урамаш дассийна, хІинца цхьа а ца лела церан урамашкахула. Церан гІаланаш хІаллакйина, цхьа а адам дац, бахархой а бац.
Выбор основного перевода