Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Массо а ницкъийн Дела! Схьаверзахьа! Стигалара схьахьажахьа, тидам бехьа! ХІокху кемсийн бешан гІайгІа бехьа! Делан цІийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахІоттийча, тхо гІенах лелаш санна дара. КхидІа а юхаметтахІиттадехьа тхо, Веза Эла, якъаеллачу аренгахь Іовраш хецар санна. ХІунда аьлча гІап дІатесна хир ю, гІовгІане гІала а яссалур ю. ГІалара цІенош а, шайна тІехь ха деш йолу бІаьвнаш а, саьлнаш а йина лаьттар ю гуттаренна а. Акха варраш а кхерстар ю цигахь, дежаш уьстагІий а лелар ду, Ас астагІчарах халкъан дисина дакъа дийр ду, ткъа генна дІасабаржийначарах онда ницкъ болу халкъ дийр ду. Везачу Эло Цийон-ломахь олалла дийр ду царна тІехь оцу хенахь дуьйна абаденналц. Везачу Эло боху: «Сан оьгІазло Іушна дуьхьал карзахъяьлла, бежалошна а Ас таІзар дийр ду. ХІунда аьлча массо а ницкъийн Веза Эла волу Со ЯхІудан халкъ долчу Сайн жена тІехьийзар ву, Аса царах Сайн сийлахь тІеман дин бийр бу. «Декъала хуьлда Эла, Исраилан халкъан Дела, ван а веана, Шен халкъ безачу мехах паргІатдаьккхина.
Выбор основного перевода