Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3
Параллельные места
Ахьа къинош летор бахьана долуш догІанаш а севцинера, бІаьста догІу догІа а цхьаьна. Амма тІаккха а хьуна эхь ца хетара – хьан юьхь кхахьпанан санна яра, эхь ца хеташ. Эхь хетий те царна шаьш лелош долу боьха хІума бахьана долуш? Ца хета. Жимма а эхь хетта, цІий ца ло уьш шаьш летийна долу къинош бахьана долуш. Массо а санна, уьш а хІаллакьхир бу. Нахана таІзар дан Со вахча, Аса лаьттах тухур бу уьш», – боху Везачу Эло. ДІахІоттадейша Далла марха кхабар, схьакхайкхийша халкъ динан гуламе, схьакхайкхийша къаной а, кху мехкан берриг а бахархой а шайн Везачу Делан цІа долчу. ГІо доьхуш кхайкхийша, кхайкхийша Везачу Эле!
Выбор основного перевода