Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
ЯхІудхойн паччахь волу ЯхІу-Яхин а, цуьнан нана а, цуьнан ялхой а, цуьнан тІеман хьаькамаш а, цуьнан кертара хьаькамаш а шаьш Набухди-Нецаран кара бахара. Иштта, Бавел-махкарчу Набухди-Нецар-паччахьо олалла ден борхІалгІа шо долуш, цо ЯхІу-Яхина йийсар дира. Цул тІаьхьа массо ярушалаймхой арабехира цо, массо элий а, берриг доьналла долу эскархой а дІабигира. Иштта, йийсаре дІадигна долу дерриг адам итт эзар дара. Царна юкъахь бара дечиган а, эчиган а говза пхьераш. ЯхІуд-махкахь, уггаре а миска нах боцурш, цхьа а ца висира. ЦІадукъ-ЯхІун кІентий цунна хьалха байира. Ткъа иза, ши бІаьрг а баьккхина, цІестан буржалш а тоьхна, Бавеле дІавигира. Ахьа Хьайн халкъ, Якъубан тІаьхье, дІа ма тесна, хІунда аьлча нах малхбалера долчу Іадатех буьзна бу, пІелаштамхоша санна, цара бозбунчалла леладо, ткъа хийрачу къаьмнийн нахаца тІекаре ю церан. Цу дийнахь Везачу Эло жоьпе озор бу лакхахь болу Шена дуьхьалбевлла стигалара ницкъаш а, лахахь болу лаьттара паччахьаш а. Циггахь, Рабила-гІалахь, Бавелан паччахьо а ЦІадукъ-ЯхІуна хьалха цуьнан кІентий байира. Иштта ЯхІуд-махкара баьччанаш а байира цо. Гуш долчу хІуманашца хаздала ма гІерта: месаш Іалашъярца, дашо хІуманашца, хазачу духаршца.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода