Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Дийнан делккъехь са а ца гуш, бІаьрзениг бодашкахь санна, лелар ду шу. Шаьш арабаьккхинчу новкъахь аьтто хир бац шун. Массо а хенахь ницкъ беш а, хьийзош а хир ду шу, цхьаммо а гІо а доккхур дац шуьгахьа. Цара, хи санна, цІий Іанийна Ярушалаймана гонах, уьш дІабохка стаг а вацара. Беллачарна лерина ду ткъа Хьан тамашийна гІуллакхаш? Я белларш, хьала а гІевттина, Хьуна хастамаш беш хир бу? БІаьрзенаш санна, пен а лоьцуш, бІаьргаш доцуш санна, мича доьлху а ца хууш лела вай. Дийнан делкъехь тийсало, маьркІажхан йолуш санна. Ондачарна юкъахь, делларш санна ду вай. Ала: «Иштта боху Везачу Эло: „Аренашкахь дІасадаьржина долу кхо санна, байинчеран декъий хир ду Іохкуш. Ялта хьокхуш волчунна тІехьа Іохкуш долу хьаькхна кІа санна, Іохкуш хир ду байъиначеран декъий. Уьш схьагулдан стаг а хир вац“». Везачу Эло боху: «ХІокху лаьтта тІера лаьллина дІа а дахийтина, Аса хІара къам цхьана готтачу метте чулоллур ду, шен лазар цунна хаадаллалц».
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода