Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
‘Иштта боху Везачу Эло: ‹Аса бохам боуьйтур бу кху меттигна а, кхуьнан бахархошна а тІе, яхІудхойн паччахьо дешна долчу тептар тІера дерриг а дешнаш тІехь ма-хиллара. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. «Аса массо а хІума цаьргара схьадоккхур ду. Кемсийн таьлланг тІехь цхьа а кемс юьтур яц, инжирийн дитта тІехь цхьа а инжир а юьтур яц, царна тІера гІаш а маргІалдулур ду. Аса царна мел делла долу хІума а кхиболчара схьадоккхур ду», – боху Везачу Эло. Ахьа дІаала цаьрга: „Иштта боху Везачу Эло: ‘Дийна волчу Сайх чІагІо йо Аса, цу йохийначу гІалин саьлнаш юкъахь Іаш болу нах туьро хІаллакбина хир ма бу. Аренгахь нисбелларш Ас акхарошна дІалур бу, цаьрга байъийта, ткъа чІагІонаш чохь а, хьехаш чохь а дІалевчкъинарш Іожаллин уьно хІаллакбийр бу.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода