Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Къа ду хьан, къилахь къам, къинойх дуьзна долу халкъ, зуламхойн тукхам, талхаран тІаьхье! Веза Эла дІа а тесна, Исраилан халкъан Везачу Делах а ца даьшна, Цунна букъ берзийна аша. Амма халкъ шена Йиттина Волчунна тІе ца дирзина, массо а ницкъийн Веза Эла ца лехна цо. «Сан къомера ши зулам даьлла: дийна хи чохь долу шовда санна волу Со а витина, цара шайна чохь хи соцуш йоцу йохийна гІунаш яьхна». Со вити ахь, Ярушалайм, – боху Везачу Эло, – ткъа ахьа Суна букъ берзий. Цундела Аса таІзар дийр ду хьуна, хьо хІаллак а йийр ю. Со кІадвелла къинхетамаш бан. Уьш массо а оьгІазаллех кхехкаш бу. Цара шайн куьйгалхой дІакхоллу. Церан массо а паччахьаш тІекІел охьаэгна, ткъа цхьа а стаг Соьга гІо доьхуш ца кхойкху».
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода