Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Шаьш дийна волчу Везачу Элах чІагІо яхь а, цунах а ца тешаш, харцонца бист ма хуьлу уьш». «Муха вала веза Со хьуна къинтІера, ЯхІуд-мохк? Массо а хьан бераш Сох дІахерделла. Уьш цІушна суждане оьхуш бу, деланаш уьш боццушехь. Аса царна мел оьшург латтийнера, амма уьш ямартлонца лелара, тобанашца нахаца лелаш болу зударий болчу а оьхуш. Ярушалаймера цІенош а, яхІудхойн паччахьийн цІенош а – шайн цІенойн тхевнашна тІехь стигалийн ницкъашна кІур тоьхна а, кхечу деланашна чагІаран сагІанаш даьхна а долу массо а цІенош – Тупат санна, Далла хьалха боьха хир ду“». Тхаьш аьлларг оха билггал кхочушдийр ду: оха цІеран а, чагІаран а сагІанаш а дохур ду стигаларчу зуда-паччахьна, ЯхІуд-мехкан гІаланашкахь а, Ярушалайман урамашкахь а тхо а, тхан дай а, тхан куьйгалхой а, тхан паччахьаш а, тхан баьччанаш а ма-леллара лелар а ду. Оцу хенахь тхан даа хІума а хуьлура, тхан аьтто а хуьлура, тхуна тІе вонаш а ца догІура. Іамминан къомах лаьцна Везачу Эло иштта боху: «Бераш дац ткъа Исраилан халкъан? Цуьнан долахь дерг кхочун верг вац ткъа? ТІаккха МилкІом-харцделан къомо гадахойн мохк хІунда дІалаьцна? Оцу къоман нах гадахойн гІаланашкахь хІунда бу Іаш? «Ва Исраилан халкъ! Хьо кхахьпа санна лелахь а, яхІудхоша ма летадахьара изза къа! Шу Галгал-гІала а ма гІо, Байт-Аван-гІала хьала а ма довла. Ма баха, дуйнаш а бууш: „Дийна волчу Везачу Элах чІагІо йо ас!“
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода