Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Ас элира: «Дукхачу ханна хир дуй иза, Хьалдолу Эла?» Цо жоп делира: «ГІаланаш ясса а елла, бахархой а боцуш йиссалц, адамаш доцуш цІенош диссалц, хІара латта дерриг а дассадаллалц. Веза Эла волчу Аса адамаш кхузара генна дІадуьгуьйтур ду, тІаккха хІара латта чІогІа дассалур ду. Латта дассийна а, чІана даьккхина а хир ду, хІунда аьлча Везачу Эло хІара дош аьлла. Лаьмнашна ас белхар хІоттор ду, яьссачу аренгахь долчу дежийлашна тийжар хІоттор ду ас. Цхьана а стага цаьргахула некъ ца баккхарна, уьш дассийна ду. Бажа Іоьхуш цигахь ца хеза, стигалара олхазарш цигара дІадахара, бежанаш цигара дІадахара. Цара шайн дети аракхуссур ду, шайн деших дегаза хІума хир ю царна. Везачу Элан дераллин дийнахь кІезиг гІо хир ду царна шайн деших а, детих а. Оцу хІуманашка церан мацалла а дІаяккхалур яц, церан геш а дузалур дац, хІунда аьлча уьш бахьана долуш цара къинош летийна. И хІума бахьана долуш хІара латта тийжар ду. Лаьтта тІехь бехачу массеран а гІора довр ду. Аренийн акхарой, стигалара олхазарш, ур-атталла хІордан чІерий а хІаллакьхир ду.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода