Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Исраил-махкахь Іаш берш, бохаман рагІ шуна тІекхаьчна. Дог доьхначеран зама тІекхаьчна, уллохь ду лаьмнашкахь синкъераман гІовгІа ца хеза де. ТІекхаьчна зама, тІедеана къематде. ХІума эцнарг цунах воккха ма вевойла, ткъа хІума йоьхкинарг цунах дог доьхна ма хуьлийла, хІунда аьлча Сан оьгІазвахар массарна а ду. Иза уллохь ду, Везачу Элан де. Кхоьлина хир ду и халкъашна гІайгІане долу де. Лакхийша маІа Цийон-лам тІехь! Орца даккхийша Сан безачу лам тІехь! Бегабойла хІокху мехкан берриг а бахархой, хІунда аьлча Везачу Элан де тІедогІу, иза герга ду. Веза Эла эскарна хьалха воьду, Цо Шен эскаре омра до. Ма шортта ду Цуьнан долахь долу эскар! Ма нуьцкъала бу Цуьнан дош кхочушдийраш! Везачу Эло кхел ен де сийлахь ду. Хьаьнга лалур ду те и къематде?
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода