Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
ТІаккха Юши-ЯхІу-паччахьо омра дира, динан коьртачу дега а, вукху динан дайшка а, Везачу Элан цІийнан кертарчу гІаролашка а, оцу кертахь цІу-деланашка БаІална а, Ашерана а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а Іамал еш дІахІоттийна мел йолу хІума араяккха аьлла. Юши-ЯхІу-паччахьо и ерриг хІуманаш Ярушалайм-гІалина арахьа йолчу Кхидрун-тогІи чохь ягаяйтира, ткъа уьш ягийча бисина болу чим Бетал-гІала дІабаьхьира. ЯхІудхойн паччахьаша къобалбинера динан дай, ткъа цара хаза хьожа йогІу хІума ягайора БаІал-харцдалла а, малхана а, баттана а, седарчашна а, стигалшкахь мел болчу ницкъашна а. Юши-ЯхІу-паччахьо дІабехира ЯхІуд-мехкан массо гІаланийн а, Ярушалайм-гІалина гонах мел йолчу меттигийн а сагІа доккхучу гунашкахь хаза хьожа йогІу хІума яго яхІудхойн паччахьаша къобалбина мел болу и харц динан дай. Делха, Хьешбонан бахархой: хІаллакйина ГІай-гІала. Тийжа, Рабба-гІалин зударий, шайна тІе сингаттаман бедарш а юхий. Белхарца шайн гІалин пенашна юккъехь дІасауьдуш хила, хІунда аьлча мостагІчо МилкІом йийсаре дІавуьгур ву, цуьнан динан дайшца а, элашца а цхьаьна. Сайн ницкъ царна тІе а берзийна, къилбехьа йолчу яьссачу аренна тІера дуьйна къилбаседехь йолчу Дабила-гІалина тІекхаччалц Ас дассийна дІахІоттор ду уьш бехаш болу дерриг а латта. ТІаккха хуур ду царна, Со Веза Эла вуйла». Шамран-гІалин бахархой Іадор бу, Байт-Аванехь волу эса-цІу бахьана долуш. Цуьнан халкъ цунна тийжар ду, цунах баккхийбина болу харцдинан дай, цуьнан сийлалла бахьана долуш, боьлхур бу, и сийлалла халкъера дІаер йолу дела. Ас хьан цІуш бохор а бу, харцделанашна хІиттийна тІулгаш хьуна юкъара хІаллакдийр а ду, кхин Іамал йийр яц ахь хьайн куьйгашца йинчу хІуманашна.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода