Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Бохам болчуьра исраилхой дІагІахь а, уьш Мисар-махко схьагулбийр бу. Нуп-гІалин лаьттахь дІабухкур бу уьш. Ниттийн дола евр ю церан детин хІуманаш. Коканийн кІохцалш девр ду церан цІенош тІехь. Совдегар шен карахь нийса доцучу терзанца нах лебеш хазахеташ ву. Декъаза ду хІордан йистехь дехаш долу кератхойн халкъ! Везачу Элера болу хІара хаам хьуна дуьхьал бу, пІелаштамхойн долахь болу КанаІан-мохк: «Ас хьо хІаллакбийр бу, тІаккха хир бац хьан бахархой». Ярушалаймехь а, ЯхІуд-махкахь а хІорра а яй массо а ницкъийн Везачу Элана къобалбина хир бу. СагІина леринарг дахьаш болчу массара а, и еш схьа а эцна, царна чохь кхехкор ду жижиг. Цу дийнахь кхин хир вац цхьа а совдегар массо а ницкъийн Везачу Элан цІийнан кертахь. ЛадогІалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хІунда аьлча бохамаш бу шуна тІехІуьттуш.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода