Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
ХІоттийначу суьртан тогІи чохь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло цхьа де билгалдаьккхира. Оцу дийнахь нах карзахбаьхна хир бу, вовшийн хьоьшуш хир бу, уьш дарбелла хир бу. Наха гІалин пенаш кегдийр ду, цара хьоькху маьхьарий лаьмнашкахь хезаш хир ду. ЭхІ, ма къемате хир ду и де, цхьа а де цунах тарлур а дац. Якъубан тІаьхьенна иза гІайгІане зама хир ю, амма оцу гІайгІанех и тІаьхье кІелхьаръер ю“». ЭхІ, ма де ду-кх иза! ХІунда аьлча герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг хІума а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. И де боданан а, Іаржаллин а де ду, мархаш а, дохк а долуш. Лаьмнашкахула дІасаяьржа буьйса санна, доккха а, нуьцкъала а долу цІазан эскар тІедогІу. Иштта долу эскар азалера дуьйна а хилла дац, ткъа иза абаде тІеяллалц а хир дац. Декъаза бу Везачу Элан де тІекхача луурш. Стенна оьшу шуна и де? Иза-м бода бай, серло яций. Иза, нагахь цхьаъ, лоьмах а ведда, чена тІе нисвалар, я, шен цІа а веана, куьйгаца пенна тІетевжича, лаьхьано къовзор санна ду. Серло а йоцуш, бода бац ткъа Везачу Элан и де? Іаьржа бода бу иза, цуьнца нур лепар дац.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода