Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Зуда ялор ю шух цхьаммо, амма кхин стаг вуьжур ву цуьнца дІа. ЦІенош дийр ду аша, амма царна чохь Іийр дац шу. Кемсаш югІур ю аша, амма пайда оьцур бац царах. Кемсаш, дІа а йийна, лелор ю аша, амма царах даьлла долу чагІар а мер дац, кенаш а гулдийр дац, хІунда аьлча нІаьно дІадуур ду уьш. Иштта аша мисканиг охьа а теІош, цуьнгара ялтица совгІаташ а дохуш, шайна хьаькхначу тІулгех цІенош дийр ду, амма царна чохь дехар дац шу. Кемсийн бошмаш кхиор ю аша, амма царах даьлла чагІар мер дац, Ахь ялта дІадуьйр ду, амма иза хьокхур дац. Зайтдиттан стоьмех даьтта доккхур ду, амма цунах пайда оьцур бац, кемсех мутта доккхур ду, амма чагІар мер дац.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода