Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Цул тІаьхьа Маннаша Даудан гІалин арахула болу пен юхаметтахІоттийра. Гихьон-хина малхбузехьа долчу Іинан тІехула ЧІерийн ков олучу меттехула а, Іупал-гІалин гонах, леккха хьала а боккхуш, юхаметтахІоттийра цо гІалин пен. ЯхІуд-махкарчу чІагІйинчу массо а гІаланашкахь тІеман коьрта хьаькамаш дІахІиттийра цо. Динан да Хьалкхи-ЯхІу а, паччахьо дІахьажийна болу кхиберш а Ярушалайман шолгІачу декъахь Іаш йолчу а, шега Делера хаам хуьлуш йолчу а Хьулдатана тІебахара. (Цуьнан майра вара Хьархьасан кІентан Тикхавин кІант волу Шалум, ткъа иза духарийн цІенна тІехь куьйгалхо вара.) Цара оцу гІуллакхах лаьцна къамел дира цу зудчуьнца. ТІаккха хуур ду шуна, Со Веза Эла вуйла, хІаллакбина болу уьш шайн цІушна юкъахь а, шайн сагІа доккхучу меттигашна гонах а, иштта дерриг а гунашна тІехь а, лаьмнийн баххьашна тІехь а, хІора тІехь гІа долчу дитта кІел а, иштта шен гаьннаш дІаса дахийтинчу ножан диттана кІел а – шаьш хаза хьожа йогІу хІуманаш цІушна лерина ягийначу массо а меттехь – шаьш Іохкучу хенахь. Цу дийнахь паччахьан цІа чуьра эшарш белхаре йоьрзур ю, – боху Хьалдолчу Эло. – Дукха декъий хир ду. Уьш тийналлехь миччахьа а дІакхуьссур ду».
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода