Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Софония
1 2 3
Параллельные места
Цо жоп делира: «ВогІу. Со Везачу Элан дуьхьа сагІа даккха вогІуш ву. Делан дуьхьа дІа а къастий, соьца сагІа доккхучу дуьйла». Шамъала Юшай а, цуьнан кІентий а Далла хьалха дІахІоттабан кечбира. Уьш а кхайкхира цо сагІа доккхучу. qac Гqac*Іам-гІим а ца деш, тийна а волуш, Везачу Эле ладоьгІуш хилалахь. Дахаран новкъахь кхиамаш бохуш волчу мекарчу стагах ма хьегалахь. Делха, герга ду Везачу Эло кхел ен де. Цу дийнахь Нуьцкъалчо дерриг а хІаллакдеш болу ницкъ гойтур бу. Везачу Элан тур цІийх дузур ду, махьарх а дазлур ду – Іахарийн а, бежалойн а цІийх дузур ду, уьстагІийн жаннаш тІерачу махьарх а дазлур ду иза. ХІунда аьлча Бацар-гІалахь сагІа даккхар а, Эдоман лаьтта тІехь, доккха цІий Іанош, урс хьакхар а хир ду Везачу Элан. ХІара де массо а ницкъийн Хьалдолчу Элан де ду. ХІара де Цо бекхам бо де ду. Цуьнан мостагІашна тахана бекхам хир бу. Туьро уьш, ша дуззалц, дІакхоллур бу, ша Іаббалц, церан цІий а молур ду, хІунда аьлча Эпрат-хина уллохь болчу къилбаседерачу махкахь массо а ницкъийн Хьалдолчу Эло Шена сагІа кечдийр ду. Адаман кІант, иштта боху Хьалдолчу Эло: „Массо а олхазаршка а, аренгахь лелачу акхарошка а дІаала: ‘Массо а гонахарчу меттигера схьагулло Ас шайна кечдина сагІа долчу. Иза Исраил-мехкан лаьмнашкахь даьккхина доккха сагІа ду, цигара дилха а даа, цІий а мала. Ткъа Веза Эла Шен дезачу цІа чохь ву: дерриг а латта тийна хуьлийла Цуьнан юьхьана хьалха! Гергга ду Везачу Элан сийлахь-доккха де. Гергга а ду, чІогІа сихделла а догІу. ЛадогІал! Везачу Элан де ма къаьхьа белхар ду! Уггар майрачу тІемалочо а цІогІа детташ ду! ДІасаца муьлхха а садолу хІума Везачу Элана хьалха! ХІунда аьлча Иза Шен дезачу цІа чуьра араволуш ву.
Софония
1 2 3
Выбор основного перевода