Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іожалла гуттаренна а дІакхоллур ю Цо. Хьалдолчу Эло массеран а яххьаш тІера бІаьрхиш дІадохур ду. Дерриге а дуьнен тІехь Шен халкъ емалдар дІадоккхур ду Цо. Иштта боху Везачу Эло. Везачу Эло кІелхьарбаьхнарш юхабоьрзур бу, хазахетарца кхойкхуш Цийон-гІалина чу гІур бу. Гуттаренна а долу ирс церан кортош тІехь хир ду. Самукъадалар а, хазахетар а царна тІаьхьакхуьур ду, сингаттам а, узарш а царах дІакъаьстар ду. Амма Везачу Эло боху: «Йоьлхучуьра саца, хьайн бІаьрхиш а дІадаха, ахь бинчу балхана хьуна совгІат дийр ду, – боху Везачу Эло. – Хьан бераш мостагІийн лаьттара юхадоьрзур ду. ХІинца дуьйна уьш меца а хир бац, хьогах а хир бац. Уьш малхо а, йовхоно а кхин хьийзор бац. ХІунда аьлча и Іарш лаьттачу меттигна юккъехь болчу Іахаро бажор бу уьш. Цо уьш дийна хи долчу шовданашка буьгур бу. Дала Ша дІадохур ду церан бІаьрхиш».
Выбор основного перевода