Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бутт а цІийлур бу, малхана а эхь хетар ду, хІунда аьлча Везачу Эло Ярушалайм-гІалахь болчу Цийон-лома тІера паччахьалла дийр ду. Цуьнан сийлаллин нур баккхийчарна хьалха лепаш хир ду. Хьуна дийнахь серло луш малх а кхин хир бац, батто буьйсанна шен нур а лепор дац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш, хьан Дела хир ву хьуна исбаьхьалла хилла лаьтташ. Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хІунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода