Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа аса тІедиллира, пІерасканан дийнахь суьйранна, Ярушалайман кевнаш бода тІебогІучу хенахь, гІалин кевнаш дІа а къовлий, шоьтан де дІадаьлча бен, уьш схьа ма делла аьлла. Кевнийн неІарш ларъян сайна тешаме болу нах дІахІиттийра аса. Церан Іалашо яра шоьтан дийнахь цхьа а тайпана мохь Ярушалайма чу ца баийтар. Хьан кевнаш гуттар а диллина хир ду, уьш дийнахь а, буса а дІакъовлур дац, халкъийн хьал хьуна чудаийта а, церан паччахьаш схьабалабайта а. Хьан малх цкъа а дІабузур бац, бутт кхин къайла а бер бац, хІунда аьлча Веза Эла хир ву хьуна гуттар а серло луш. Хьан баланийн денош чекхдевр ду. И де цхьаъ бен хир дац, Везачу Далла бен хууш доцу: я де, я буьйса хир яц. Суьйренан хенахь бен гучуер яц серло. Буьйса а кхин хир яц цигахь. Кхин оьшур яц цигахь я стогаран, я малхан серло, хІунда аьлча Везачу Дала Ша лур ю царна серло. Цара, паччахьаша санна, олалла дийр ду ерриг а тІейогІучу заманахь.
Выбор основного перевода