Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІинца гечдехьа царна. Амма нагахь Ахь геч ца дахь, со а дІавайалахь Айхьа тІеязвинчу Хьайн тептар тІера». Везачу Эло Мусага элира: «Сайна дуьхьал къа латийнарг Ас Сайн тептар тІера дІавойур ву. Дийна болчеран тептар тІера церан цІераш дІайовлийла, Хьан лаамехь болчеран цІерашца цхьаьна церан цІераш ма язйойла. Коьрта некъ а хир бу цигахь, цунах «Деза долчун некъ» эр ду. Хьарам берш цу новкъахула гІур бац, сонта берш цунна тІехь кхерстар бац. Делан новкъахула леларш бен, уьш бен цу новкъахула лелар бац. ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. «Оцу хенахь хьан халкъ Іалашдеш долу а, сийлахь эла долу а Микаал-малик гучудер ду. ТІаккха адамаш дуьнен чу девллачхьана, хІокху ханна тІекхаччалц, цкъа а хилла йоцу хала хан йогІур ю. Ткъа оцу хенахь хьан халкъана юкъара берриг а Делан тептар тІе дІаязбина карор берш кІелхьарбевр бу. «ТІаккха хуур ду шуна Со шун Веза Дела вуйла, Сайн безачу Цийон-лам тІехь вехаш волу. Ярушалайм еза меттиг хилла дІахІуттур ю. Кхечу къаьмнех берш кхин цкъа а Ярушалаймехула толамхой санна чекхбевр бац». Я шуна ца хаьа те, харцонаш йийраш Делан Олалле ца кхочийла? Іеха ма лолаш! Сийсаза лелачарах а, цІушна Іамал ечарах а, нахаца лелачарах а, вовшашца хьарам дерг лелочу божарех а, къола дечарах а, сутарачарах а, бехна лелачарах а, мотт беттачарах а, хьарамлончех а волу цхьа а Делан Олалле ца кхочу.
Выбор основного перевода