Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха хьан серло, сахуьлучу хенахь санна, гучуер ю, хьан товалар сихха хир ду, хьан нийсо хьуна хьалхаяьлла дІагІур ю, Везачу Элан сийлалла а тІаьхьадогІур ду хьуна. ТІаккха малхбалехьара схьайогІуш Исраилан халкъан Делан сийлалла гира суна. Цуьнан аз, хІордан гІовгІа санна, чІогІа дара, Цуьнан сийлаллин нуьрах латта серладаьллера. ГІалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхІитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гІалин цІе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю». Цу охьахиъна Волчун юьхьсибат, «яспис», «сардис» цІе йолу деза тІулгаш санна, можачу а, цІечу а басахь лепара. Цуьнан гІантана гонах, «изумруд» цІе йолу тІулг санна, лепаш стелаІад дара.
Выбор основного перевода