Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІулгаш шийтта хила беза Исраилан шийтта кІентан цІарах. ХІора тІулга тІехь, мухІарна тІехь санна, Исраилан тайпанийн цхьацца цІе язйина хила еза. «ХІорш ю гІалина чуьра араволийлаш. ГІалин къилбаседехьа йолу агІо йохаллехь йиъ эзар пхи бІе дол хир ю. ГІалин кевнаш исраилхойн тайпанийн цІераш техкина хир ду. Къилбаседехьа долу кхо ков Раабан а, ЯхІудан а, Левин а цІераш йолуш хир ду. Малхбалехьа йолу агІо а йиъ эзар пхи бІе дол хир ю йохаллехь, цигахь а кхо ков хир ду: Юсупан а, Бен-Яманан а, Данан а цІарах. Къилбехьа йолу агІо а хир ю йиъ эзар пхи бІе дол. Цигахь а хир ду кхо ков: ШимІин а, Иссарханан а, Забулан а цІарах. Малхбузехьа йолу агІо а хир ю йиъ эзар пхи бІе дол йохаллехь. Цу агІонгахь долу кхо ков Гадин а, Ашаран а, Напталан а цІарах хир ду. ГІалина гонах йолу меттиг йохалла юьстича, ерриг а берхІитта эзар дол хир ю. Ткъа оцу дийнахь дуьйна цу гІалин цІе, „Цигахь Веза Эла ву“ аьлла, хир ю».
Выбор основного перевода