Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло со цига схьавалийра. Цигахь цІаста санна къегаш долу амат долуш волу цхьа стаг вара. Кевнна уллохь дІа а хІоьттина, лаьтташ волчу цуьнан карахь хІума юстуш йолу вēтанан тІийраг а, иштта хІума юстуш йолу гІаж а яра. Суна Делан цІийнан кертана гонахула бина болу пен гира. Цу стеган карахь суна хІума юстуш йолу гІаж гира, ялх дол хиллал еха а йолуш (хІора дол цхьа шира доллий, цхьа шей лоруш яра). Цу стага пенан шоралла юьстича, иза цхьана гІожан барамехь шуьйра а, оццул лекха а яра. Цо со Делан цІийнан уче йолчу схьавалийра. ТІаккха цо массо а пенан гІортор юьстира, уьш хІорра а пхиппа дол яра. Ков дейтта дол шуьйра дара, ткъа пенан шоралла кхо дол яра. Йохалла юстархьама Іасанах тера болу эрз белира сан кара. ТІаккха соьга элира: «Хьала а гІаттий, Делан цІа а дуста, сагІа доккху кхерч а буста, цу цІа чуьра Далла Іамал ян догІу адамаш а дагарде.
Выбор основного перевода