Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ГІаттахьа Цийон, гІаттахьа! Ницкъ хьайна тІебухахьа! Ва Ярушалайм, ва еза гІала, хьайн исбаьхьа бедарш тІеюхахьа! Сунтваза верг а, боьха верг а кхин вогІур вац хьуна чу. Сайн Везачу Элах йоккхаеш хир ю со, сан са хир ду сайн Делах доккхадеш. Цо кІелхьардаккхаран бедарш юьйхина суна тІе, Цо нийсонан оба суна тІе хьулйина, зудаялочо динан дайн чалба коьрта тІе тиллича санна а, нускало жовхІаршца ша хазъян санна а. Дикачу агІор йолу эмгаралла ю сан шуьца, иза Делера а ю. Ас шуна захало дийцира цхьана стагаца, иза Дала леррина Къобалвинарг ву. Цунна хьалха, цІена йоІстаг санна, шу дІахІитто лаьа суна. Майранаш, шайн зударий безалаш, динан ерриге а тоба Дала леррина Къобалвинчунна езаре терра. Цуьнан дуьхьа Шен са а дІаделла Цо. Цо иза дина, Делан дашехула динан ерриге а тоба, хи чохь цІан а йина, иза язъярхьама а, динан ерриге а тоба цхьа а томмагІа, я цхьа а сакхт доцуш, я кхин тайпана долу хІума а доцуш, амма цІена а, бехказа а йолуш, Шена хьалха сийлаллехь дІахІотторхьама. Дела суртдиллархо а, гІишлоярхо а волуш, ондачу бух тІехь гІала схьаяре хьоьжуш Іара ИбрахІим. Толам баьккхинарш Сан Делан цІа чохь бІогІам хилла дІахІуьттур бу, цу чуьра кхин ара а бевр бац. Царна тІехь Сайн Делан цІе а язйийр ю Ас, Сайн Делан гІалин цІе а язйийр ю. Иза Сан Делера стигалара охьайогІуш йолчу Ярушалайм-гІалин цІе хир ю. Сайн керла цІе а язйийр ю Ас царна тІехь.
Выбор основного перевода