Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. ХІунда аьлча Маликех хьаьнга аьлла Дала: «Хьо Сан КІант ву, тахана Хьан Да хили Сох»? Кхин а: «Со Цуьнан Да хир ву, Иза Сан КІант а хир ву?» Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Тоьллачунна бакъо лур ю Ас Делан ялсаманина юккъехь лаьтташ долчу дахаран дитта тІера стом баа’“». Лергаш долчо ладугІийла Делан Сино динан тобанашка бохучуьнга: ‘Толам баьккхинчунна къайлаяьккхинчу ‹манна› олучу кхачанан буьртигийн дакъа лур ду Ас. Цунна кІайн тІулг а лур бу Ас, тІеязйина керла цІе а йолуш. И цІе цхьанна а хуур яц, иза йолчунна бен’“».
Выбор основного перевода